ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лихоталь Александра бахарехь, Оьрсийчура бахархойн ирс хила бахьана дац


Оьрсийчоь -- Азина уллехьарчу Нерунгрехь йолу биргIа, Малхбалера Сибрех, 12Тов2007
Оьрсийчоь -- Азина уллехьарчу Нерунгрехь йолу биргIа, Малхбалера Сибрех, 12Тов2007

Советан пачхьалкхан президент хилла Горбачев Михаил цу даржехь волуш, цуьнан хьехамча хилла ву Лихоталь Александр. Цул тIаьхьа йозуш йоцчу «Дуьненаюкъарчу Баьццара ЖIара» организацин президент а, кхочушдаран директор а хIоьттира. 1993-чу шарахь кхоьллина ю Горбачевс Iалам лардарна а, и гIуллакх мел маьIне ду юкъараллехь дийцарна а леррина «Баьццара ЖIара» организаци. Даханчу кIирнах Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацино дIаяьхьначу дуьненан ирсана леринчу саммитехь цуьнца къамел хилира Маршо радион корреспондентан Брукс Кортнин. Иза гочдина Умарова Аминас.


Саммитехь айхьа динчу къамелехь, Берлинера пен боьжчхьана дуьйна, нехан ирсе хила а, я, мел лаххара а, дикачу хьолехь хила дуккха а аьттонаш бара, элира ахьа. Таханлерчу дийнахь вайна Оьрсийчохь гуш юкъараллин шуьйра дуьхьалонаш ю, Iедалан политикина реза ца хилар хоуьйтуш. Коммунизм чекхялале хьалхе хиллачул а Оьрсийчура нах хIинца ирсе бу аьлла хетий хьуна?

Александр Лихоталь: «Суна хетарехь вай таханлерчу хьолах а, иза ирсаца мел доьзна ду а бохучух кхета деза. Вай хьехош дерг нехан таханлера дахар а, царна гонаха хуьлуш дерг а ду. Оцунна тIе а тевжаш вай къамел дича, дуьнентIера дукха болу нах ирс долуш хуьлийла дац. Ткъа Оьрсийчохь дерг вуно чолхе хьал ду. ХIунда аьлча, дуьненаюкъарчу экономикехь лаьттачу хьолана тIехула тIе, Оьрсийчохь бехаш болу нах саготта бу, шайна урхалла деш йолу класс, юкъараллица бала боцуш хиларна. Цул сов, царна шайн сий дойуш хета, урхалла дечу элито шайна гуттар а харцдерг дийцича. Оцу пачхьалкхехь чIогIа даьржина хIума ду кхаьънаш эцар. Оцу кепара, цхьана агIра – ирс доцуш хетар а алало цунах – нехан реза ца хилар кхуллу бахьанаш алсамдовлуш ду пачхьалкхехь».

Маршо радио: Цхьанакхеттачу Къаьмнийн «ирсан саммито» шен боккхачу тидаме эцна ирс долуш хиларна а, дикачу хьолехь хиларна а тIеIаткъам беш долу Iаламца доьзна хаттарш.
Iаламехь хуьлчу хийцамаша мел тIеIатакъам бийр бу аьлла хета хьуна Оьрсийчура нехан дахарна а, церан кханенна а?

Александр Лихоталь: «Оьрсийчоь чIогIа ларлуш хила еза. ХIунда аьлча, хийцалуш климат а йолуш, даккхий хIрдаш бердашка арадовлуш а долуш, шортта иммигранташ богIур бу цу пачхьалкхе. Iалам хийцадаларо меттахбохур болу миллионаш-миллионаш нах кхочур бу цига. Оьрсийчоьнан ткъа бIе эзар чаккхарма латтан тIехь доза ду башхца дика йохкуш йоцчу пачхьалкхашца а, хIумма а дика йоцчу режимашца а. Суна хетарехь, оцу пачхьалкхашкара нах Оьрсийчу эха буьйлалахь цигара хьал чIогIа кхераме хир ду.

Важа проблема хIун ю аьлча, гуттар а гIорийначу латтанашца йоьзна ю. Хууш ма-хиллара, Оьрсийчоьнан латтанийн доккха дакъа къилбаседехь ду. Цигахь йина гIишлош а, аьчган некъаш а, кхин дIа а, кхин дIа а, латта гуттар а гIоийна хиларх юьхьар а лоцуш йина ю. Нагахь санна латта гIорийначу дастадала долалахь и мел йолу гIишлош юхур ю. Экономикица доьзна чолхе хаттар а ду иза.

Iалам хийцадаларца доьзна хьал, цо деккъа цхьана Iаламна тIеIаткъам барца доьзна дац. ХIунда аьлча цо могашаллина а, социалана дахарна а, экономикина а, пачхьалкхан кхерамазаллина а тIеIаткъам бо. Тахана вайна дуьхьала лаьттарг цхьанаметта кхоллаелла, вовшашца йоьзна шортта проблемаш ю».

Маршо радио: Шен Iалашо пачхьалкхашна пайдехь хир волу «ирс долуш хиларан некъан накъост» кхолларехь го Цхьанакхеттачу Къаьмнийн «ирсан саммитана». Оцу саммитан кхин хIун агIонаш хила езара аьлла хета хьуна?

Александр Лихоталь: «Суна хетарехь, саммитан дикачех зеделларг ду. Коьрта бух хила тарлора цунах. ХIунда аьлча, гуш ма-хиллара, таханлера экономика сецна болх бечуьра. 200 шо гергга хьалха кхоллаелла ю экономикан система. 70 шо хьалха каралаяьккхина ю. Ткъа хIинца вайн гуттар а керла дуьне ду. 2050-гIа чекхдалале, къилбседехьара олуш болчу нехан дакъа, дуьненахь долчуьнца дуьстича 10 процентах лаьтташ бен хир дац. Дуьненан ницкъ а, Iаткъам а Азехьа татталуш бу. Цундела массо хIума тахана караладаккха дезаш ду. Делахь а, вуно ширчу системех дозаделла ду вай. Иза тиша ю, шира ю, пайденна а яц тахана, иза болх беш а яц».

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG