ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Президентан харжамаш йиллинчу хенал хьалха хила мега ОвхΙанехь



ОвхΙанхойн президента Карзай Хьамида дΙахьедина, 2014-чу шарахь махкахь хила беза президентан харжамаш ханна хьалхабаха а там бу, аьлла. И цо элира шен еарий дийнахь НАТО-н инарла секретарца Расмуссен Андерсаца хиллачу цхьанакхетарехь. Хууш ма-хиллара, харжамаш хила безачу оццу 2014-чу шарахь арадохур долуш ду ОвхΙанистанера Ιаьмиркан эскарш. Цуьнца а доьзна, хоржунволу керла президент хьолах волийтархьама, харжамаш хьалхо дΙабаьхьича муха хир дара, аьлла, хаьттира цуьнга журналисташа. «Сацам кхиина бац, амма кестта къаьстар ду» - жоп делира Карзайс.
XS
SM
MD
LG