ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дозалардархочунна чов йина Азербайджанехь



Азербайджанан тΙеман министралло чΙагΙдо, Карабахан дозанера схьа герзаш а диттина, шен шина эскархочунна чевнаш йина, бохуш. Иза дацаре деш дΙахьедар дина Карабахан эскарийн пресс-секретара Асратян Сенора. Азербайжахоша чΙагΙдарехь инцидент иккхина еарийн сарахь. Йоху лазийначийн цΙерш а.Азербайджанах ша-шеггара дΙа а къаьстина Эрмалошкахьа озаеллачу Карабахан дозанехь оцу тайпа герзаш вовшашна деттар кест-кеста нисло шина агΙонан салташна юкъахь. Кхушара белларш а, лазийнарш а бу шина а агΙор.Азербайджанхоша аьрзнаш до, Карабахан доза тергонехь кхобучу Европан кхерамзаллехула а, юкъарлонехула а йолчу организацино и санна болу хиламаш тидамза буьту,бохуш. Карабах шаяла гΙертарца доьзна телхина лаьтта Азербайджананний, Эрмалойчоьнан юкъаметтигаш тΙаме ерзарна кхерам бохьу оцу инциденташа, бохуш сагатдо тергамхоша.
XS
SM
MD
LG