Лаххара а 163 стаг вийна, 95 лазийна кху шеран кхаа баттахь Къилбаседа Кавказехь лаьтта тΙеман конфликташ бахьанехь. Иштта бу "Кавказский узел" олучу интернет-газетано далон терахьаш. Байъинчу нахах 24 маьрша вахархо ву, 57-полисхо а, кхечу ницкъаллин урхаллашкара а белхахой а.82 стаг вийна тΙемалойх. Лазийначу бIе герггана юкъахь ву 80 сов полисхо. Уггаре дукха нах белла тΙмаш бахьанехь Дагестанехь. Цул тΙаьхьа йогΙучу Нохчийчохь кхелхинарг ву 36 стаг, лазийнарг-42. Республикехь кху кхаа бетта чохь тΙемаш бахьанехь стагга а валанза ю еккъа цхьа Кхарачой-Чергазийчоь.
Къилбаседа Кавказерчу хьолан сурт