Официала дIасабаржийначу хаамца 1000 сов кхузахь баьхначех, орамаш кхузахь долчех оьрсий баьхкина Нохчийчу, керста динехь марха достучу Оханан беттан 15-чу дийнахь гергарчийн а, беза-бевзачийн а кешнашна тIехIитта. Оьрсийчоьнан бен-бен кIошташкара схьабаьхкина хьеший тIелаца а, дIатарбан а хьалххехь дуьйна дукха лерина кечамаш бинера меттигерчу Iедалдайша, маьхаза хьешанцIийнашкахь хIусамаш а, дехьа-сехьа бовла транспорт а хилийтар бист кхаччалц.
КIирандийнахь Соьлжа-гIалин Михаил Архангелан килсанехь,керста динехь марха дастарна лерина далла Iамал йина массо маьIIера схьабаьхкинчу оьрсаша. Цул тIаьхьа уьш гергарнаш дагалоцуш, коше бовла кешнашка кхачийна.
Билгалдаккхархьама аьлча, махкахь официала даре а деш керста нехан 50 кешнаш ду. Марха досту де гарга кхача доьлча уьш хIора шарна а, цIандеш, битаме далош ду меттигерчу Iедало. И доьзна ду, гарехь, церан дола дан Нохчийчохь оьрсийн бисина ца хиларца. И ша тайпа ламаст лардина кхушара а.
ХIара Оханан бутт болабелчахьана белхеш а кхайкхош, оьрсийн кешнаш цIандеш, куьце дало кхийлина бIеннашкахь Iедалан балхахь мел болу бахархой - лоьраш, хьехархой, стоьлан дай а. Цара нехаш, къух-яраш дIаяхарал сов, сир-кир деш, бегIийла йолчу кепе далийна ков-керташ а, чарташ а. Цул тIаьхьа марха досту де тIекхаччалц уьш лардина полицин белхоша, хIуьттаренна-гамонна аьлла зе-зулам дан леринарг валарна кхоьруш. Новр кIоштан Ищери олучу юьртахь оьрсийн кешнашна гIароллехь лаьттинчу низамхойх цхьаъ ву Аслан.
«Кху юьртахь кIезиг гIазакхий бац бехаш, амма цара дола-м ца до шайн кешнийн. ХIора шарна хIорш цIандеш берш нохчий бу-кх. Кхушара, масала, цхьана кIирнах белхий лаьттина кхузахь. Цу тIе дийнахь а,буса а тхоьга лардойтуш а ду, кхеран бала болуш цхьаъ волуш санна.
Цхьаммо хIуьттаренна цхьаъ дахь, юьхьIаьржо ю боху, гIазакхийн луур дер ду боху. Цунна латтийна тхо кхузахь хIорш ларде бохуш. ГIазакхийн шайн боцу бала нохчий стенна хуьлу-м хаац суна. Валлай, цара-м ца лардина, нохчийн къам Сибрех хьажийча нохчий кешнаш. Мелхо а дохийна-кх, чартех некъаш, гIишлош, божалш а цхьана деш.»