Даймахкара хIижараташ деш арабевллачу нохчашна юкъахь, Урдунехь севцинчара нохчийн шира мотт а, култура а дика Iалаш йина, кхечу мехкашкахь долу Iедалш санна иза дIаяккха гIерташ, Урдунера нохчашна Iаткъам ца хилла дела, амма цхьа орца ца хилахь иза а хийцалуш ду таханлерчу дийнахь.
1900 шерашкахь, Дела вац бохуш тIедогIуш хиллачу коммунистийн Iедало дин лела дойтур дац аьлла, Даймахкара ара а бевлла нохчий Туркойчу а, цу заманахь Туркойн олаллехь хила болу Iаьрбийн мехкашка а дIабирзира. Туркойчохь а, Иракъехь а, Шема махкахь а нохчийн мотт а, култура марша лела ца яийтира цигара нохчашка цу мехкашийн цу заманахь хилла йолу политика бахьанехь.
Урдуне кхаьчна нохчашна и Iаткъам бацара хIунда аьлча, Урдунехь хIоьттина ХIашимайт пачхьалкхо нохчий Урдунан коьрта низамах цхьа дакъа лоруш бара, нохчий бусулба дин бахьанехь Урдуне хIижрат дина нах хилча, Дела салам хила Дела элчанан тIаьхьенах волу паччахьан тешаме уьш ца хуьлийла доцу дела. Иштта уьш бан а бара.
Урдунера баккхий нах, 100 шо хьалха хилла болу нохчийн мотт, гIиллакхаш а, ламасташ лелош маситта шарахь схьа ихира. Ур-атталла иштта паргIато нохчийчохь а яцара цу заманахь. Амма таханлерачу дийнахь, нохчийн ишколаш я центраш йоцу дела, и хьал бIостанехьа дерзаш ду аьлла хеташ сагатдо цхьа болу Урдунера нохчаша. И хьал дуста, хIинца тIе кхуьуш долу нохчийн бераш вайн мотт муха бийца хьаьжча, цу хиламан гайтам хIутту иштта Урдунера берашка, церан дай-наной пурбанца, нохчийн маттахь къамелаш дича:
Мурад: Мурад ву со.
Маршо Радио: Доьшуш вуй хьо?
Мурад: ХIаъ. Сама а волий, яахIума юу ас.
Маршо Радио: Маса даьлча самаволу хьо?
Мурад: ВорхI. ЯахIума а юуий, кечлоий (Iаьр.мадрасе) ишколе гIо-кх.
Маршо Радио: Iаьрбех доьшу ахь?
Мурад: ХIаъ, Iаьрбех а Ингалсах. Нохчех ца доьшу. Царна ца хаьа нохчех.
Iамадан: Нохчех дешар хила лаьа тхуна, кхин атта хир ду вай нохчий долу дела. ЦIахь нохчийн мотт буьйцу, нанас а, дас а, массара а.
Маршо Радио: Хьан цIе хIун ю?
Ийна: Йина ю. Сан шо нохчех хьесап дан гIерташ ер со.
Маршо Радио: Маса шо дели хьесап? Дукха хIунда Iийр хьо хьесап деш?
Ийна: БархI. (Аккад) хила йолуш ер со. (Iаьр. Аккад: билгала). Мадрасехь Iаьрбийн а, хьесап до дешар Рйадйат а ингалеш а, Ижтимашйат а, МихIани а, Iулум а (Iаьр. Матматик, Ингалс, юкъаралла, Iилма) Iамадо. Нохчех далхьара кхин дика хир дара. ЦIахь массара нохчийн буьйцу. Нохчех цхьа (Iаьр. Хьарфь) элп яздан хаьа суна.
Маршо Радио: ДегIастане хIунда яха лаьа хьуна?
Ийна: (эццахь) Цигахь нохчий бу, нохчийн маттахь Iамадо.
Сулайман: Сулайман ву со. Сан шо 11 ду. Iуьйранна хьала а гIоттий, ламаз дой, кечлой мадрасе воьду со.
Нуран: "Сан цIе Нуран ю. Сан кхойтта шо ду. ЦIахь сан нанагIара буьйцуш нохчийн мотт Iамма суна. Нохчийн мотт кхин атта хета суна дуьххьара Iам мотт болу дела. Iалаш бан лаьа суна сан нохчийн мотт нагахь нохчийчу дIагIахь. ДоттагIашца нохчийн мотт буьйцу ас, цкъа наггахь Iаьрбийн маттаца эн бо. Деша а яздан а Iама лаьа суна".
Шайн берашна ненан мотт дика Iамабан тIехьа елла леллачу Надьяс цу хьокъехь шайна зеделларш иштта дуьйцу. ХIун бахьана ду аьлла хета хьуна вайн нохчалла Iалаш дар?
Надьяс: "Нохчийн дагахь дара, вай цкъа-цкъе вай цIа доьрзу ду, вайн мотт хаьа беза цигахь болу гергара нахаца мотт бийца а, вай юха дIатардала а деза. Иштта схьа ихна уьш хIинццалц. Ткъа, Iедало башха Iаткъам ца бина нахана мотт ца бийцийташ. И ду-кх бахьана".
Маршо Радио: Мотт дика ца буьйцу тIекхуьуш долу чкъоьрнаш. Цуьнан бахьанаш хIун ду аьлла хета хьуна?
Надьяс: "Бакъдерг аьлча, хIокху заманахь Iама дезаш долу хIуманаш дукха ду берашийн. Компютр Iама ен еза, ингалс мотт Iама бан беза, нохчийн мотт, вайниг, и бийца ца хууш хилча, эхь хета. Ишколахь Iаьрбийн бийца беза. Уьш берриш кара лаца хала хула. Массо адамаш ма ца хула мотт тIелоцуш говзаллаш йолуш. Цхьацца верг дислексия а дисграфии йолуш хуьлу, хIума Iамадан хало йолуш. ХIара зама муха ю, хьуна деша а яздан а ца хиъча, цхьаьллиг цхьа гIуллакх дIа ца долало. И хир ду-кх иза".
Маршо Радио: Нохчийн бераш эхь хеташ хула. И эхь хетар, ша-шех бIоболла ца хилар, нах хьалха хIоьттина хабар дийца, ши култура хилар дуй и эхь хетар?
Надьяс: "Хила тарло. Чохь буьйцуш берг нохчийн мотт бу,- нохчийниг бийца, Iаьрбийн ма бийца бохуш и да а нана а чIогIа и Iалаш бан гIерта, амма аьттонаш бац и Iалаш бан. Масала, ингалсан маттахь дукха хаза жайнаш а туьйранаш хула-кх Интернет чухула берашна хаза а лерг хьостуш амма нохчийн маттахь, бакъдерг аьлча, ас чIогIа лийхира, дукха кIезиг ду иштта туьйранаш. Цхьа туьйра хула, баккхийчаьрна яздина долуш санна берийн маттахь.
Иштта туьйра яздан цхьа ша тайпан говзалла а барамехь хула. Иштта нохчийн маттахь кIезиг ду. Сан бераш кегий долуш чIогIа лаьара суна бераш дIадийшале нохчийн маттахь цхьа туьйра деша царна. Хьере хулур со, суна и мотт шера ца хаьа. Жайнаш ца хулур цу тийран и дийца.
Сайн ма-хуьллу, дага мел догIу туьйранаш гулдой, царна нохчийн маттахь уьш дийца гIерташ чIогIа къахьегна ас. Суна уггар хьалхара хета берийн мотт нийса балар. И мотт нислур бац, ненан мотт олу вай, и нана чIогIа чIагIъяла езаш ю мотт бийцарна тIехь.
Чохь шай ма-хуьлла, вовшах хиттина цуьргех йина хIума санна, эн ца беш шера цхьа мотт бийца беза гIел ца балийта. Гуттар ас берашка олуш дерг,- юккъе ингалсан мотт, Iаьрбийн мотт ма эн бен, аша бийцахь шера цхьа мотт бийца. Цхьа-терра гIеллур бу аша мел буьйцуш болу меттанаш. Дозалла а говзалла хьайн мотт бийцар ду. ШолгIа, ахь мел Iамабина хийра мотт эн ца беш шера дIабийцар ду".