Стага лелочу мачанехула цхьаболчу наха къастайо цуьнан дог-ойла. Масала, ира буьхьиг ерг лелош верг, нахаца башха тIекIаре ца хуьулу, сийна я цIе бос лелош верг, дуьненах самукъадолуш, ша гайта а, шена тIе тидам бахийта а лууш хуьлу, бохуш ду оцу жимачу Iилманехь.
Дукха хан йоцуш Соьлж-гIалахь болх бан йолаелла, мачаш еш йолу фабрика, цуьнах ишшта ала мегар далахь. Кхаа чоьнах хоьттинчу цIа чохь болх беш ву, Мусаев Саламу а, цуьнан деваш Мусаев Асланбек а. Дийнахь балха тIехь дукха нах хуьлу, цундела къамел паргIат дан сарахь аьтто хира бу элира цуо, цхьанакхетарах лаьцна охашиммо барт бечу хенахь. Белхан хан дIаяьллачулла тIаьхь, тIеийцира со, шен балха тIехь. Ира боьхьаг а болуш, бухахь айраш а доцуш, кечъечу мачанна тIехь валлаш вара Саламо жима жIов етташ. Болх юкъара а ца боккхуш хилира тхойшиннан къамел.
Саламо:ПхиолгIа шо ду ас хIара болх беш болу. Ас Москвахь театралан мастерскойхь дешна. Театрехь спектакалшкахь лелош йолу мачаш еччохь Iаьмма со. Сан девежарий а бу хIара болх беш. Со компьютеран говзалла Iамош болх беш вара,Москвахь волчу сан девашас, Iамавайтира со хIара болх бан.Ишшта схьалаьцна бу ас хIара болх.Говзалла ю-кх хIара,мичча хенахь, наха куогахь мачаш мел лелайо.
Радио Маршо: Ахь ечу мачех лаьцна алахь. ХIун мачаш еш ю ахь?
Саламо: Куьйга беш болх бу хIара. Ша ерг цIокан мачаш ю, дукхачу хьолехь бежан цIокех еш ю. Езу мачаш езачарна,еза цIока а хуьлу,текхарган а, саьрмикан а. Амма, дукхачу хьолехь, бежан цIока ю-кх. Вай цIахь хIара тIемаш бахьанехь куьйга кху тайпа ечу хIумнех хаьддера вай. Наха базаршкахь теттина мах а лой италхойн ю олий, чу латий тIехь йоза долуш хIума хилчахьана бе ца хета. Цигахь а уьш, фабрикашкахь еш ю.Ткъа, куьйга еш йолу хIума, цхана стага шен куьйга еш ю.
Радио Маршо: ЦIахь нохчаша хIун мачаш ю?
Саламо: Тайп-тайпана мачаш лела йо наха. Хьалхалера мода йит ца луш, ира боьхьаг болуш берш а хуьлу, классика езарш а бу, «инспектор» олуш хуьлу-кх цхьа мачаш, цIокан тIехь цхьацца суьрташ а долуш. Уьш езарш а хуьлу. «Казачкиш» хоьттуш а хуьлу.
Кегийрхоша «мокасинаш» олуш йолу мачаш лелайо. Цхьанна а клиентана цхьатерра мачаш хуьлуш а яц. ХIар еш йолу мачаш суьрт тIера схьаэцна ю ас. Сайна, цкъачуьнна сурт дилла,эскиз яьккха а хууш дац.
Дукха хьолехь, веанчу стага аьллачу кепара йо оха мачаш, ког а бустий, барам а боккхий йо уьш. Оха ечу мачийн мехаш а бу 7 эзар соьман тIера 10 эзар соьманна тIекхаччалца, ша ерг цIоканах йина а хуьлу, айра а тIехь. Италхойн мачаш оха ечаьрца юьстича, хIумма а эшна хира яц-кх тхайниш, ша дика яцахь. Лела а лела и мачаш, Iуналла дахь, мел лаххара а 5 шарахь.
Тахана, Мусаев Саламос еш йолу мачаш, чухулла цхьа а латийна эмблема а йоцуш ю. Куьйга йина ю аьлча а, цхьаболчарна йоьвзучу фирмийн цIе ган лаьа. Гергарчу хенахь, хIора мачи чохь шаьш куьйга йинийла хоуьйтуш, могIар хира ду тухуш. Иза хIинца муха хира ду къасточу хьолехь ду, боху пхьеро. Гайтамшка а цхьаннахь хьажийна яц Саламос ша еш йолу мачаш, цундела, говзаллана лакхене кхача, меттиг шорта ю боху цуо.