Францехь хиллачу президентан харжамашкахь 18 процент кхаьжнаш гулдина ультра-аьттохьарчу кандидат йолчу Ле Пен Марина. Иза кхолагIа жамI ду цу харжамашкахь гайтинарг. Уггара дукха кхаьжнаш гулдина Социалистин партин кандидат волчу Олланд Франсуас. 28, 6 иттолгIа процент. ШолгIачу меттехь ву карарчу хенахь Францин президент волу Саркози Николя – 27, 1 иттолгIа процент кхаьжнаш. Ле Пен Марин дукха кхаьжнаш гулдарна саготта бу цхьаболу Европера политикаш. Иштта Германин канцлеран векло дIахьедар дина, цо дукха кхаьжнаш гулдар синтем бойуш долу хIума ду, аьлла. Ткъа Швецин арахьарачу гIуллакхийн министро Бильдт Карла билгалдаьккхина Европа маьршша а, схьайиллина а хиларна дуьхьала йолу ойланаш кхераме ю, аьлла.