ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Харц харжамашна дуьхьал кхайкхийна хилла мацалла сацийна Шеин Олега


Оьрсийчоь -- Аштаркхнин мэран дарж къевсина волу Шеин Олег, 21Оха2012
Оьрсийчоь -- Аштаркхнин мэран дарж къевсина волу Шеин Олег, 21Оха2012

Нийсса шовзткъа дийнахь латтийна мацалла сацийна шинарин буса Аштаркхни-гIалин мэран дарж къевсинчех цхьаъ волчу Шеин Олега. Шен агIончех тIаьххьарниг полицера аравалийтинчул тIаьхьа сецна политик мацалла хьоьгучура. ХIун къуьйсуш вара хIинццалц Кремлана муьтIахь хилла волу Шеин – мэран дарж я маьрша харжамаш?


20 шо хьалха гергга оьрсийн парламентехь чIагIбеллачу туп-коммунисташца вара Шеин Олег, малхбузехьа теIаш хилла хIетахьлера президент Елцин Борис оцу гурахь кхиамза дIавакккха хьаьвсинчарца.

Цул тIаьхьа ткъех шо дузале иза юха а Кремлаца тасавелла. ХIинца, либералан-демократхойн боламан турпал санна. Оцу шина хиламна юкъахь Шеин Кремлана муьтIахь волу оьрсийн пачхьалкхан ДУМин депутат хилла ву.

Оршот дийнахь Шеина дIахьедар дира, Зазадоккху-беттан 3-чу дийнахь Аштаркхни-гIалин мэр хоржуш дIабаьхьначу харжамашкахь бозбуунчаллаш лелорна дуьхьала шовзткъа дийнахь латтийна хилла мацалла сацош ву ша, аьлла. Цуьнан протестах къоман гIуллакх а хилира, Москохарчу либералан-демократхойн интеллигенцин бIаьрг а буьзира цо. Девне лоруш йолу, хIинца политикан дахарна тIейирзина йолу Собчак Ксения а, коррупцина дуьхьала волу блоггер Навальный Алексей а вахара Аштаркхне, Шеинна гIортор ян.

Аштаркхнехь чекхбевллачу мэран харжамашкахь юххьавала ца лууш волу Шеин, оццу хенахь, къера ву Путинас баьккхинчу толамна. И билгало мел чIогIа гучуйолу аьлча, цо тIе тидам озабо цуьнан политикан биографина а.

Президентан харжамийн жамIаш «мелла а нийса» ду боху Шеина. Коьртачу Харжамийн Комиссин куьйгалхо Чуров Владимир лара мегар дара деккъа и бахьанехь, аьлла цо. Амма шен агIончашка цо Путинна критика ма е олу. «Шегахьа кхаьжнаш тесначарна юкъахь шортта бу Путин хаьржинарш, уьш дIатетта ца оьшу».

Цхьана стагехь и ши хIума тарлуш хилар – Iедал а лоруш, нехан дахар тодан а гIерташ – дуккха а оьрсийн оппозиционерийн долуш ду.

Ша Шеин аьттехьа а реза вац, ша мэран дарж схьадаккха мацалла кхайкхийнера бохучунна. Харжамийн маьршонехьа къуьйсуш вара ша, боху цо.

Шеин: «Мэран дарж бахьанехь аса цкъа а мацалла кхайкхор яцара. Мацалла кхайкхор бахьана - цаьргара (нахера) харжамийн бакъо дIаяккхарца а, шайна Iедалш харжа бакъо дIаяккхарца а йоьзна яра».

Шеинна хетарехь, мацалла кхайкхоро церан аьтто баьккхина шайн Iалашоне кхочуш. Аштаркхнехь кеста кхин цхьа харжамаш хир бу.

Баханчу беттан 16-чу дийнахь мацалла кхайкхинера Шеин Олега, мэр хоржуш лелийначу харцонашна дуьхьала, аьлла. Оьрсийн Коьртачу Харжамийн Комиссин хьесапехь 60% процент кхаьжнаш кхаьчна волу Цхьаалин Оьрсийчоь партин векал Столяров Михаил ву гIалин коьрта мэр.
XS
SM
MD
LG