ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бахьрейнехь дIахецна Британера журналисташ


Бахьрейнехь дIахецна Британерачу Channel 4 News олучу телеканалан журналисташ. Уьш лаьцнера кIирандийнахь шиIатийн оппозицин митингехь видео яьккхина, аьлла.

Корреспонденто Мартин Джонатана «Твиттерехь» шен агIон тIехь хаам бо Бахьрейнера дIадахар тIедиллина шайна, бохуш. Цо дийцарехь цаьрца цхьаьна дIалаьцна волу меттигера ши вахархо хIинца а лаьцна латтош ву.

Британера журналисташ Бахьрейне баханера «Бахьрейнан Гран-при» олуш йолу машенаш хахкарх лаьцна дийца. Бахьрейнан Iедалша и къийсадаларш дIадаьхьира махкахь суннитийн Iедалшка политикан реформаш дIахьо, бохуш, кхайхкамаш беш оппозицино акциш дIахьош ялахь а.
XS
SM
MD
LG