ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германин президентна ца лаьа Украине ваха


Германин президент Гаук Йоахим Украине визит ца еш сецна, Тимошенко Юлия набахтехь латторан хьелаш вон хиларна ша реза яцар хоуьйтуш. Гаукан векало бакъдира Германин президент Ялте вогIург цахилар. Цу гIалахь тIебогIучу беттан 11-чу а, 12-чу а дийнахь цхьанакхетар хила дезаш ду Юккъерачу Европерчу пачхьалкхийн куьйгалхойн. Даханчу кIиранах мацалла кхайкхийра Тимошенко Юлияс, ницкъала ша дарбанцIийне йигарна ша реза ца хилар гойтуш. Украинан премьер-министр хилла йолчу цо чIагIдо, ша латточу набахтин белхахоша шена йиттина, бохуш. Тимошенко 7 шо хан а тоьхна чуйоьллина ю, Оьрсийчоьнца газан контракташ тIеоьцуш иза шен бакъонел тIехъяьлла, аьлла.
XS
SM
MD
LG