ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайна а «чернобыл» хΙоттарх кхоьру оьрсий


26 шо кхаьчна Чернобылан зарратан станци а иккхина, бохам хилла. Иза хилира 1986-чу шеран Охан-беттан 26-чу дийнахь. Радиацино бехйира Украинан а, Белорусин а, Оьрсийчоьнан а цхьайолу территореш. Дуьненаюкъарчу Заррат энергехула йолчу Агенталло дийцарехь, и ирча бохам дIабаккха гIерташ иттаннаш нах белира Чернобылехь. И бохам хилар дагадоьутуш, Москох урамашка арабевллера иттаннаш юкъараллин жигархой. Цара доьхург дара, Оьрсийчуьрчу зарратан станцешкахь Чернобылехь иккхинарг санна йолчу реакторех пайдаэцар сацадар.
XS
SM
MD
LG