ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

9 стаг вийна Димашкъехь



9 стаг вийна, 20-х лазийна ПIераскан дийнахь Шеман коьртачу гIалахь Димашкъехь. Меттигерачу юкъараллин жигархоша бинчу хаамца, пачхьалкхан телевизионан хIусамна хьалха эккхийтар дина, ша а леш, бекхам бан араваьллачу стага.

Цара дийцарехь, и теракт хилла Шеман пачхьалкхан президентан Асад Башаран дуьхьалончаш рузбан ламаз дан гулбала безаш болчу маьждигана хьалха. ПIераскан Iуьйранна, масийтта стаг а лазош, эккхийтар дира пачхьалкхан транспортан кампанин офисан уллехь.

И эккхийтар динарш террористаш бу, аьлла, дIахьедар дина Iедалша. Кху беттан 12-чу дийнахь дуьйна, Аннан Кофин планаца а догIуш, маслаIатан раж юкъаяьккхина Шемахь. Амма адамашна тIехь ницкъ бар соцуш дац цу пачхьалкхахь.
XS
SM
MD
LG