ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полицин ши белхахо вийна ГIалгIайчохь, эккхийтар а дина



ГIалгIайчохь, Малгабек кIоштахь ондда эккхийтар дина мехкадаьтта а, бензин а дуттучу станцехь. И бахьана долуш, вийна 2 стаг. Уьш полицин белхахой бу. Кхин а ши стаг лазийна ву.

Муьлуш бу ца хуучу наха бомба эккхийтина цигахь, бензин дотта полицин машен яллалц собар а дина. "Интерфакс" агенталло дийцарехь, эккхар хиллачулла тIаьхьа станцех цIе яьлла.

Иза дукха хан ялале дIаяйа аьтто баьлла орцахбевлла баьхкинчу цIеяйархойн.
XS
SM
MD
LG