ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь Iедалан цIарах низамца йоцу тобанаш ю бах бакъонашларярхоша



Москох генайоццуш йолчу Горки олучу меттехь Шоьтан дийнахь цхьанакхетна Оьрсийчоьнан президент Медведев Дмитрий а, Оьрсийчоьнан президентехь йолчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташонан декъашхой а. Цара дийцаре динчу хаттаршна юкхахь дара Нохчийчурча хьолах лаьцна дерг а.

«Интерфакс» агенталло бинчу хаамца, евзаш йолчу бакъонашларярхочо Ганнушкина Светланас дийцира Медведев Дмитрийга, 2009-чу шарахь дуьйна Нохчийчохь болх беш йолчу, «Къизаллашна дуьхьала йолчу комитетан» мобилан тобано динчу цхьадолчу жамIех лаьцна.

Ганнушкинас дийцарехь, цара кечдинчу рапортаца а догIуш, цхьайолу Нохчийчура ницкъаллийн структураш йогIуш яц Оьрсийчохь лелаш долчу низмашца. Царна тIехь Iуналла далуш яц Iедало цу Iалашонца кхоьллина йолу органаш:прокуратура а, талламан комитет а.

Бакъонашларярхочо иштта дIаделира Медведев Дмитрийга Нохчийчурча зударийн хьолах лаьцна долу рапорт а, царна гIо дар Iалашонца оьшуш дерг дахьара, аьлла, дехар а деш.
XS
SM
MD
LG