ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Белхашца доьзна хьал ледара ду Европехь а, дуьненахь а


Европан Бертахь белхаш ца хилар лакхарчу тIегIане даьлла хиларо сингаттам баьккхина Дуьненаюкъарчу Къинхьегаман организацина. И хьал кхин а чолхе доккху, пачхьалкхан декхарш жимдан Iалашонца, Iедалша массо хIума чIогIа кхоорца, боху организацин рогIерчу рапорто.

Eurostat цIе йолчу европан организацин хьесапехь, Европехь хIокху 15 шарахь ца хиллачу кепара дукха бу белхаш боцурш. 17 миллион стеган бан болх бац.
2016-гIа шарахь бен, кризис хилале йолчу тIегIанехь нислур дац дуьненара белхашца доьзна хьал. Африкехь а, Грегарчу Малхбалехь а кегийчу нахана бан белхаш ца хиларо алсамбоккху къепедацарш даран кхеранм, аьлла хеташ ю Дуьненаюкъара Къинхьегаман Организаци.
XS
SM
MD
LG