ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шеман Iедалийн хьесапехь 8 стаг вийна вала араваьллачу стага динчу эккхийтарехь


Шемара Iедална муьтIахь болчу хаамийн гIирсаша дийцарехь 8 стаг велла мехкан къилбаседа-малхбузехьарчу Идлибехь, вала араваьллачу стага динчу эккхийтарехь.
Британехь туп тоьхначу Шемарчу адамийн бакъонашна тIехьожучу организацино бахарехь, мел лаххара а 20 стаг вийна оршот дийнахь динчу эккхийтарехь.
Цхьаьнакхеттачу Къаьмнаша а, Iаьрбийн Лигано а Шемахь машар бан векал винчу Аннан Кофин план кхочушъян йолаелла ши кIира даьллашехь, ницкъ бар соцуш дац Шемахь.
XS
SM
MD
LG