Дечкен баттахь дуьйна Швейцарерачу набахтехь ву нохчийн совдегар, Ксамакс футболан клубан долахо хилла волу Чагаев Булат. Цигарчу Iедалхоша иза бехке во, ша эцначу футболан клубан ахчанашца бозбуанчаллаш лелорна.Чагаев Боулат Охан-бутт чекхболуш набахтера дIахоьцур ву аьлла хиллехь а, амма иза кхин дIа а лаьцна вита сацам бина Швейцарин Iедалхоша.