ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь тезетан де кхайкхийна лелхийтаршкахь беллачарна



Шозза динчу нуьцкъала эккхийтарехь беллачарна Шоьтан дийнахь тезет кхайкхийна Дагестанехь. ТIаьххьарчу хаамашца, пIераскан буса ХIинж-гIалин йистехь, полицин постехь динчу эккхийтарехь велларг 13, кхечу хаамашца 15 стаг ву. Чевнаш йина 87 стагана. Байинарш, дукха хьолахь, полицин векалш бу.

Дагестанан Чоьхьарчу ГIуллакхийн министро Магомедов Iабдурашида бахарехь, эккхийтар дина хила тарлуш берш бевза царна. ХIинж-гIалин тIемалой олучу тобанера бала арабевлла нах болчух тера ду уьш.
80, 150 а кийла оьккхуьйтург машенаш чу йоьллина хилла. «Теракт» бохучу артиклехула гIуллакх долийна.
XS
SM
MD
LG