ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинна дуьхьалъяьлла оппозици



Оьрсийчоьн полицино лаьцнера вевзаш волу оппозицин ши хьалханча Навальный Алексей а, Удальцов Сергей а, цара, Кремлана гена доццуш, «Китай-ГΙала» шех олучу меттехь Путинна дуьхьал буьйсанна лерина гуламан акци дΙаяхьарца доьзна.
ТΙаьхьо дΙахецна и ши лидер. Полицино дΙасалаьхкина гуламхой. Ткъа уьш кхечу майданашкахула дΙасалийлира Путин президент хΙоттарна шаьш резабацар а кхайкхош. ТΙаьххьарчу кхаа дийнахь Москохарчу протестан гуламашкара лаьцнарг ву 600 сов стаг, шайлахь бевзаш болу оппозицин лидерш а болуш. Оппозицино аьрзнаш до полицино шайна дуьхьал баькккхина ницкъ тΙех сов а бу, шайн накъосташна цара етта а етта, бохуш.
XS
SM
MD
LG