Толаман Де тΙекхочуш паспортан раж талла йолийна Соьлж-ГΙалахь полицино. Кхаарина, Еарийн а деношкахь гуламаш дΙабахьа кечйинчу меттигашка алссам шен ницкъ тΙеоьзна Ιедало. Нохчийчоьн шахьарара кхочучу хаамашца, паспортан раж талларан барамаш дΙахьош бу ГΙалин юккъерчу урамашкахь. Бухарчу а тΙебаьхкинчу а полисхоша цΙеношкахула а лелаш зуьй нехан кехатийн хьал. Къаьсттина тидамехь бу кегийрхой. Хууш ма-хиллара, махкахь Стигалкъекъа-беттан 10-чу дийне оьзна ду Кадыров Ахьмад вийна де а, къам Сталина махках даьккхина де а билгалдаккхар.
Полицино толлуш ю Соьлж-ГΙала