Шемахь некъаца иккхинчу бомбана тΙенисъялаза яьлла Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин тергамхойн тоба. Бомба иккхина и ларъечу Шемин эскархошна гергахь. Тергамхойн 12 стагах лаьттачу тобанца хилла цуьнан куьйгалхо инарла-майор Роберт а. И бохам нисбелла Дараа-гΙалин йисттехь. Эккхийтаро лазийна Шемин 6 эскархо. Бохамах хьалхаваьллачу инарлас Роберта элира, хаам бо журналисташа, шемахошна тΙом оьшуш бацаран масал гайтира шена оцу эккхийтаро, аьлла. Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин миссица а догΙуш, 300 тергамхо ву Шема хьажийна, амма цкъачунна балха тΙе ца воьлла 70 бен. Шинарий дийнахь миссин куьйгалхочо Аннан Кофис дΙахьедина, Шемахь хΙинца а юхатоьхна бац къома юкъабола тарлуш болу тΙом, аьлла.
Машаре тоба эккханза яьлла Шемахь