ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хакерийн караяханера Кремл


Кремло Москохахь тΙеман гайтам дΙахьочу юкъанна цуьнан, аьлча а президентан Кремлин.ру цΙе йолчу интернет-сайта чуъяьлла Анонимус шайх олуш болчу хакерийн тоба. «Хелхаран бал бирзина» - аьлла йоза дитина цо президентан веб-агΙонтΙехь. Сайт хакерийн долахь лаьттачу сохьтехь, еллалуш а йоцуш, лаьцна яра иза, оьшучунна елла таро йоцуш. Путиннна тажтуьллучу шинарий дийнахь Анонимус-тобано дош деллера интернетехула, ша гуре лоцур ю и сайт, Путин харцонца президенталле веъна лоручу оппозицина агΙо еш, аьлла. Хьалхо и хакерийн тоба тΙелеттера «Цхьааллин Оьрсийчоь» партин сайташна, дайшна уьш елла дуьхьало еш.

XS
SM
MD
LG