ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юха а «террорхой» лецна оьрсаша



Оьрсийчоьн антитеррор комитето хаам бина, шен эпсарийн аьтто баьлла Сочи-гΙалахь 2014-чу шарахь дΙахьонйолчу Олимпиадехь цΙий Ιано кечамбеш хилла нах Ιорабаккха, аьлла. Дуккха а карахь дΙасалелае ракетийн комплексаш а, гранаташ кхуьйсу герзаш а, кечйина лелха коьчалш а карийна шена оцу балханна кечйина Абхазехь, боху, террорна духьало яран хьукмато. Оцу герзан дай хилар зуьйш, лаьцна кхо стаг. Зулам дан кечлуш хилларш бу, боху, Кавказан Имаратера Умаров Доккин векалш а, гуьржийн къайлаха сервис а.
XS
SM
MD
LG