Литуван президент Грибаускайте Даля яха лерина ю Украинерчу Харьков-гΙаларчу набахте премьер-министр лаьттина тутмакх Тимошенко Юлия ган. Иштта дийцарш дΙадахьа дагахь ю иза Украинан президентца Янукович Викторца а.
Букъан лазарша хьийзаен Тимошенко карарчу муьрехь дарбан цΙийнехь ю. Набахтехь цуьнца къизалла латтайо аьлла хетачу Европан масситта пачхьалкхан куьйгалхоша шайн резадацар дΙакхайкхийна Украинан Ιедалшка. Деношкахь и бахьанехь, цига векалш баха реза ца хиларна, юкъахъяьлла Ялта-гΙалахь дΙаяхьа езаш хилла Юккъерчу Европан пачхьалкхийн саммит. Иштта байкоте яккха тарлуш ю кестта Киевехь хила еза Европан футболан чемпионат а.