Грецин президента Папульяс Каролоса дийцарш дΙадолийна керлачу парламенте еъначу кхаа партин лидершца. Иза партешна юкъахь барт а лехна, дагахь ву пачхьалкхехь министрийн кабинет вовшахтохарна аьтто бан. Харжамаш кΙира хьалха чекхбевллехь а, хΙинца а вовшахтоханза ду Ιедал. Грецин куьйгалхошна, шайн мохк Евроберта юкъахь а буьсуьйтуш, ахчан декхарх цΙанлойла лаьа, амма иза мелла а халкъан токхе эшош нисло. Цундела бахархой реза ца хуьлу, оцу некъана. Ткъа и Грецис тΙе ца эцча, Евробертан куьйгалхой дуьхьал бу цига, и кризисах хьалхайоккхуш дала хьахийна долу рогΙера 130 миллиард евро хьажон. Грецера хьал бахьана долуш лахбелла кху деношкахь евро-ахчан мах.
Грецино эшадо еврон хьал