Нохчийчохь мехкадаьтта завод йиллар сихде, аьлла, кхайкхам бина Оьрсийчоьнан Iедале Къилбаседа Кавказерачу парламентийн ассоциацин конференцин декъашхоша. Цуьнах лаьцна хаам бо Нохчийн Парламентан зорбанан сервисо.
Цо дийцарехь юйцуш ерг ю шарахь цхьа миллион тонн мехкадаьтта чекхдаккха аьтто болуш хир йолу завод. Нохчийчоьнан парламентан гIантдас Абдурахманов Дукхвахас дийцарехь, иза ян сацам бинера Оьрсийчоьнан Iедало 2009-чу шарахь. Амма тахана а белхаш дIадолийна дац и завод хила езачу меттехь.
И бахьана долуш Нохчийчурча парламентан декъашхоша кхайкхам бина и завод йиллар сихдахьара, аьлла. Цу дехарна тIехIиттина Оршотан дийнахь Соьлж-гIалахь хиллачу Къилбаседа Кавказерачу парламентийн ассоциацин конференцин декъашхой.