ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен го чΙагΙбина Путина



Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира йовзийтина керла министрийн комитет. Доккхачу декъанна, Путинан тешаме накъостий бу уьш. Ιедалан ден Медведев Дмитрийн хьалхара когаметта хир ву Шувалов Игорь.Финансийн министр ву Силуанов Антон, тΙеман министр – Сердюков Анатолий, арахьарчу гΙуллакхийн министр - Лавров Сергей. Нургалиев Рашидан меттана чоьхьарчу гΙуллакхийн министр хΙоттийна Москохарчу полицин хьаькам лаьттина Колокольцев Владимир. Хьалхо, президентан гΙентахь ша волуш, Медведев Дмитрийс дош деллера Путин президент харжарна реза йоцчу оппозицина, Ιедалехь алссам хийцамаш хир бу, аьлла.
XS
SM
MD
LG