Чикаго гулбеллачу НАТО юкъайогΙучу пачхьалкхийн куьйгалхойн дийцарехь дара оршот дийнахь ОвхΙанистанехь къепе хΙотторан гΙуллакх тΙедогΙучу шарахь цигарчу Ιедалан кара а луш, 130 эзар НАТОн эскархо цΙехьаверзор. И болам болабеш, НАТО юкъайогΙу 28 пачхьалкх лерина ю ОвхΙанистанерчу Ιедална тΙеман гΙоранца кхачо ян. Хьалхо, эскарш арадахар къобал деш, къамел хилира Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, ОвхΙанистанан а президентийн Обама Бараканний, Карзай Хьамиданний. «ОвхΙанистанна кхин ца лаьа дуьненна шех бала бан», - элира хΙетахь Карзайс.
НАТО дΙагΙур ю ОвхΙанистанера