ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европа кризис эшон гΙерта



Евробертан 27 пачхьалкхан лидерш цхьанакхийтира кхаарий дийнахь Брюсселехь Европехь экономикан крисис йижор дийцаре дан. Хьалхо Европа зуьйчу эксперташа дΙакхайкхийнера, Евроберта юкъайогΙу 17 пачхьалкх эшначу хьолан зил тΙе кхочуш ю, аьлла. Гулбеллачу куьйгалхоша тидаме ийцира, мехкаш кризисах кΙелхьара бохуш, цигара белхалойн алапаш эшоро, пенсе нах боьлху хан тΙехьататтаро, уьш санна луьрачу кхечу барамаша а бахархой дарбеш хилар. Керла хаьржинчу Францин президента дΙахьедира Брюсселехь, шен пачхьалкхо Европаца финансашкахула болу барт тΙечΙагΙбийр бу, нагахь санна Евроберто Францина экономика кхион аьтто бахь, аьлла.
XS
SM
MD
LG