Францин керла президент ХΙолланд Франсуа цΙеххьашха ОвхΙанистане шайн эскархой болчу вахар дийцаре до Францехь а, дуьненахь а. ХΙолланда, ша хоржучу муьрехь, чΙагΙойира махкахошна, ша ОвхΙанистанера шайн 3400 эскархо, массо а НАТО-н эскарш арадохучу 2014 шаре а ца хьоьжуш, цΙехьаверзор ву, аьлла.
ТΙедогΙучу шарахь дагахь ю тΙеман альянс ОвхΙанистан Ιалашъяр цуьнан ницкъийн карадала. Арадаха дезачу НАТО-н эскарийн барам бу 130 эзар стаг.