ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь - гуламаш



Дагестанехь пΙераскан а, шоьтан а деношкахь маситта меттехь протестан гулам дΙабаьхьна наха, Ιедалера юьйлу харцонаш, ницкъаллин урхаллаша бехк а боцуш нах лецар емал деш. Иштта гуламе велира ХΙинжа-гΙалахь, цигарчу хьостанаша чΙагΙдарехь, ах эзар сов стаг. Цара Ιедалшна схьахецар тΙедуьллура Кировн къоштарчу Красноармейки юьртара лаьцна могΙархо Мустафаев Гаджи. Оццу бахьанийца маситта сохьтехь лаьцна латтийра наха ХΙинжа-ГΙалара Аштаркхна боьду федералан трасса а.
XS
SM
MD
LG