ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

НАТО-н кхо эскархо кхелхина ОвхIанехь


ОвхIан-пачхьалкхехь охьадоьжна НАТО-н беркема. И бахьана долуш велла ши эскархо. НАТО-н 2 эскархо велла хилар тIечIагIдаина дуьненаюкъарчу коалицин бюйранчалло а. Кхин цхьа эскархо вийна, тIемалоша тIелатар а дина, цу мехкан Къилберачу кIоштIахь.

Оршот-дийнахь ОвхIанехь охьадоьжна НАТО-н кхин а цхьа беркема. Амма цигахь вийна а, лазийна стаг вац. ТIалибаш СМС-хаамаш бахьийтина журналисташка и ши беркема шаьш чудаийтина аьлла.

Амма официала болчу хаамашца, и бохамаш хиллачу меттигашкахь тIеман тасадаларш хилла дац. Кху тIаьхьарчу 3 дийнахь НАТО-н 10 эскархо вийна ОвхIан-пачхьалкхехь.
XS
SM
MD
LG