ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

РогIера дуьхьалонан акци вовшатоха дагахь ю Оьрсийчура оппозици


ТIебогIучу Мангал-баттахь, дуккха а адамаша дакъа а лоцуш, Москох юккъехь дуьйладалар дIадахьа дагахь ю оппозици. Цу хьокъехь долу кехаташ чуделла цуьнан декъашхоша Москох-гIалин Iедалшка. Беларусин вокзалана хьалхара Тверская ураме а бахана, цигахь митинг ян дагахь бу и акци вовшахтухуш болу жигархой.

Царах цхьамма Давидас Сергейс дийцарехь, цу акцехь дакъа лаца мегаш ву 50 эзар стаг. Оппозицин лидершна хетарехь Мангалан беттан 12-чу дийнахь хир ерг уггаре а йоккха митинг ю, кху беттан 6-чу дийнахь Путин Владимиран инаугураци йолуш хиллачулла тIахьа хир ерг.
XS
SM
MD
LG