Москох Iедалш реза ца хилла оппозицега Мангал-беттан 12-чу дийнахь «Миллионийн Марш» олуш йолу акци Тверская олучу урамехь а, Боровицкая олучу майданахь а дIаяхьийта. Цуьнах лаьцна журналисташка хаам бина «Аьррохьара Фронт» олучу боламан уьйраш латторхочо Удальцов Сергейс.
Цо дийцарехь, цуьнга, Москох мэрера телефон а тоьхна, хаам бина и акци дIаяхьа мегар ду, Фрунзенская набережная олучу меттехь а, Андреевский олучу тIайн уллехь а. Амма дуьхьалонан акци вовшахтухуш болу нах реза бац шайн планаш хийца.