ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Теман коврана тIелатар дина Дагестанехь



Дагестанан лаьмнашкахь муьлуш бу ца хуучу наха тIелатар дина тIеман коврана. Агвали эвлара БотIлихе боьдучу новкъахь цара герзаш диттина эскархошна.

Iедалша бинчу хаамца, лазийна ву цу коврана ха деш хилла волу полицин белхахо. Йохийна масийтта машен.

Ткъа Избербашана генадоццуш зуламхоша эккхийтна цIерпошт. Вийна а, лазийна а стаг вац. Аьчка некъ бохор бахьана долуш, цхьана ханна сецнера цIерпошташ дIасалелар.
XS
SM
MD
LG