ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Политковская ерна бехке веш волу Павлюченков араваьлла набахтера


Москох Басманан кхело набахтера аравалийтина журналист Политковская Анна юш дакъа лаьцна аьлла, дIалаьцна волу Павлюченков Дмитрий. Иза хIинца шен цIахь Iийра ву, Iедалш терго а еш.

Павлюченков цомгуш хиларна иза лаьцна цIах латтавахьара аьлла, дехар динарш бара цуьнан адвокаташ. Хаьлхо хаамаш баьржира, талламхошца барт а бина, шен бехк хиларх лаьцна дуьйцуш ву и стаг аьлла.

Политковская Анна, герз а тоьхна, йийра 2006-чу шарахь Москох, шен цIа йоьдуш. И зулам дарна бехке лоруш ву 6 стаг.
XS
SM
MD
LG