ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара хьал политикаца нисдан деза аьлла хета Меркелна а, Путинна а



Шемара конфликт политикан гIулчашца дIаяккха еза аьлла, хеташ ю Германи а, Оьрсийчоь а. Цуьнах лаьцна дIахьедар дина немцойн канцлеро Меркель Ангелас, Берлинехь Путин Владимирца шен хилла цхьаьнакхетар дIадирзичул тIаьхьа.

Цо кхайкхам бина дуьненаюкъаралле шайга далуш дерг ша-дерриг а дахьара, Шеман-пачхьакхехь чоьхьара тIом ца хийта аьлла. Шен агIор Путин Владимира дIахьедар дира, шаьш Шемахь цхьаьна а агIонна тIехIиттина дац аьлла.

Цо дийцарехь, Оьрсийчоь реза яц цу пачхьалкхана дуьхьала ницкъах пайда эца гIертарна. Путин Берлине вогIуш ву аьлла, митинг хилира цу гIалахь. Цуьнан декъашхоша дIахаийтира Шемахь хуьлуш дерг хьокъехь Оьрсийчоьнан йолчу позицина шаьш реза ца хилар.
XS
SM
MD
LG