ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мубарак дIакхачийна набахте



Валлалц чувоьллина волу Мисар-пачхьалкхан хилла волу президент Мубарак Хьосни дIавигна Тора олучу Къаирна гена йоццуш йолчу набахте. Мубарак бехке вина стохка Чиллан-баттахь Iедалшна дуьхьал йолчу акцийн декъашхой байарна. Кхелан кхеташо чекхяьлча, беркеман тIехь Мисаран хилла волу президент дIакхачийра набахте.

Мубаракан гIаролхоша дийцарехь, иза дуьхьала ваьлла хилла беркеман чура ара вала ца лууш. Набахтехь цуьнан могашалла кхин а галяьлла. Лоьраша иза охьавижийна набахтерачу госпитале. Мубаракан адвокаташ латкъам бан дагахь бу цунна тIехь йина кхел юхаяйтар Iалашонца.

Мубарак Хьоснин гIуллакхна юкъаозийна вара цуьнан Iедалехь лакхарчу даржашкахь хилла волу 7 стаг. Царах набахтехь яккха хан тоьхна Мисаран чоьхьрачу гIуллакхийн министр хилла волчу Аль-Адли Хьабибана. Вуьйсуш бакъбина.

Суьдхочо Рифаат Ахьмада бехказа ваьккхина Мубаркан ши кIант Iала а, Гамаль а. Цаьршинна бехке дуьлуш дерг дара коррупци лелор.
XS
SM
MD
LG