ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ши стаг Iедалшна каравахана ХIинжа-гIалахь



Дагестанехь ХIинжа-гIалахь леррина операци дIаяьхьна меттигерчу ницкъаллийн структурийн белхахоша. Цу гIалахь тIекъелдинчу цхьана цIа чохь цара гоне лаьцна хилла, тIемало хила мега аьлла, шеко йолу, ши жима стаг.

Меттигерчу чохьарчу гIуллакхийн министралло бинчу хаамца, лерринчу сервисийн белхахоша шайца къамел динчулла тIаьхьа, и ши стаг каравахана Iедалшна. Царах цхьаъ зуламаш дарна лоьхуш хилла бохуш, чIагIдо полицин векалша.
XS
SM
MD
LG