ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Азе визит йолош ву Путин


Саммитехь кхин хье а ца луш, Азерчу пачхьалкхашка билгалъяьккхина визит йолош, оццу дийнахь Узбекистане воьдуш ву оьрсийн президент. Бутт хьалха кхоалгIа а оьрсийн президент хIоьттичхьана, цуьнан дуьххьара визит ю иза Азин пачхьалкхашка.

Официала тIегIанехь Путина а, Каримов Ислама а дийр долу къамелаш, Советан пачхьалкхаш юкъайогIучу йохка-эцаран маьршачу зонина юкъа Узбекистан а эцарх лаьцна хир ду. Ташкентера дIа Путин Китай воьдуш ву, экономикан цхьанаболх а, энергентикехь болу берташ а цхьана бийцаре бан.

Путин цига вахале, Iедало урхалла деш йолчу Газпром компанино дагадовларш дIадаьхьна, Оьрсийчура Китай энерги йигарна хьокъехь.
Пекинехь Путин цхьанакхета тарло гIажарийн президентнца Ахьмадинежад Махьмудца.
Азера визит ерзош иза Казахстане гIур ву карарчу беттан 7-чу дийнахь.
XS
SM
MD
LG