ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Клинтон: Къилб Кавказера визит


Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретар Клинтон ХIиллари Батумехь цхьанакхийтира гуьржийн президентца Саакашвили Михаилца. Iаьржачу хIурдаца Iуьллучу Батуми шинарин сарахь кхаьчна Клинтон. Къилб Кавказерчу пачхьалкхашка леррина визит еш ю иза, Iамеркан накъосташца уллера кхерамазаллин уьйраш таса Iалашонца.
Клинтона оьрсийн куьйгалле кхайкхам бира, Абхазин а, Цхинвалин а кIошташкара эскарш арадаха, аьлла. Цо тIечIагIдира Вошингтоно Гуьржийчоьнан цхьааллина гIортор еш хилар.

Маьхкадаьтта долчу Азербайджане кхаарин дийнахь йоьдуш ю Клинтон. Еарин дийнахь иза Туркойчу яха дагахь ю.

Оршот дийнахь Эрмалойчоьнан коьрта гIалахь Ереванехь йистхьулуш Клинтона билгалдаьккхира, Эрмалойчоьнна а, Азербайджанна а юкъахь Ломан Карабахна тIехула долчу девнехула йолу юкъаметтигш кхин а чолхе йовлахь, и дов кхин а шорлур ду, аьлла.
Шина агIонан юкъаметтигаш ира лаьтташ ю, цунна болу бехк вовшашна тIе а буьллуш.

Къилбседа Атлантикан Барто дIахьедар дина шен Узбекистанца а, ГiиргIизойчоьнца а, Казахстанца а барт хилла, ОвхIанера дуьненаюкъара эскарш арадохуш, церан дозанехула тIеман техника а, кхин болу гIирс а дехьадаккхаран хьокъехь, аьлла.
XS
SM
MD
LG