ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Испанерчу банкашна дан тарло гIо дуьйцуш бу Европера финансийн министрш


Европан зонин финансийн министрш телефонехула конференци дIахьуш бу, Испанин банкийн системина дан деза гIо дийцаре деш. Дуьнеюкъарчу Валютийн Фондан хьесапехь, хила тарлучу финансийн зенех хьалхайовла 50 миллиард доллар барамехь гIо оьшу Испанерчу банкашна.

Декхаран кризис бахьанехь кхерам хIоьттина Испанерчу банкашна. Пачхьалкхан уггар яккхийрачу банкийн кредитан рейтингаш охьаэгна тIаьхьарчу хенахь.
XS
SM
MD
LG