ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евро 2012 футболан чемпионат



Оьрсийчоьнан Футболан Федерацино дIахьедар дина футболезархошка, уьш харцхьалеларо доккха зе дан тарло Евро 2012 футболан чемпионатехь дакъа лоцучу оьрсийн командина, аьлла.

УЕФА организацино а, Европан Футболан Урхалло а Полшехь къепедацарш лелийначу оьрсийн футболъезархой жоьпалле озош бехкен гIуллакхаш долийначул тIаьхьа. Уьш бехке беш бу Iаьржачу аматехь бол нах сийсазбохуш маьхьарий деттарна а, кхечу пачхьалкхашкара футболъезархошца летарна а. Футбол ловзучу аренга йогу цIераш кхийсина боху УЕФАно оьрсийн векалша, дIаэхьна сийдоцу йозанаш тIехь долу телаташ.
Иштта, толлуш ду, оьрсийн векалша Чехийн командехь волчу футболахловзархочунна Тео Гебре Селассин агIора иза сийсазвеш маьхьарий деттар а.

Оццу хенахь, оьрсийн футболан бертан куьйгалхо Фурсенко Сергейс тахана зезагийн курс яьхьира ВАршавехь, 2010-чу шарахь Смоленскана йистехь, шеконечу хьелашкахь чудоьжначу Полшин президентан Качиньский Лехан кеманна тIехь веллачу 96 стеган сий деш.
Полшехь дIахьуш йолчу футболан чемпионате хьада вахана ву Фурсенко.
XS
SM
MD
LG