ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хила а хиллий те мэран диплом?



Кхарачой-Чергазийчоьнан Талламан комитето Черкесск-шахьарахь йолчу Къилбаседа Кавказан гуманитаран технологин академи ю толлуш, цигахь Пятигорск-гΙалин мэра Травнев Лева дешна я ца дешна билгалдоккхуш. И къастор Ιедале дехна Ставропол-махкарчу цхьана газетан редакторан гΙовса.
Журналиста шеконе диллина иттех шарахь Пятигорск-гΙалин да волчу Травневс ша чекхяьккхина боху и академи цо яккхина хилар.

Хьалхо оццу академига, шен диплом дайна хиларна, цуьнан меттана дубликат ялар дехна хилла Травневс. Амма академин белхахоша цуьнан дешаран бух а ца карийна, кхочуш ца дина дехар.
XS
SM
MD
LG