ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мисара: президентан харжамаш



Мисарахь пΙераскан а, шоьтан а дийнахь президентан харжамийн шолгΙа мур бара дΙабоьдуш. Кандидат вара шиъ. «Бусулба Вежарий» партин лидер Мурси Мохьаммад а, халкъо дохийначу хьалхалерчу Ιедалехь министр Ιийна Шафик Ахьмад а. Харжамашкахь харцонаш лелла аьлла хаамаш кхаьчна бац тхоьга. Хьал гΙоьртина дара пачхьалкхехь, «Бусулба Вежарий» партино а, цуьнгахьа болчу наха а, Шафик Ахьмад вохийначу Мубаракан гонера ву, иза вуьтийла дац президентан дарже бохучу позицехь хилар бахьана долуш. Цхьа бΙе ах бΙе эзар эскархо а, полисхо а вара харжамийн терго еш. Харжамийн жамΙаш девзар ду тΙаьхьо.
XS
SM
MD
LG