Мисарахь берзанза бу шо хьалха Мубарак Хосни вохийначул тΙаьхьа президент къастош дΙахьош болу харжамаш. Къовсамехь ву «Бусулба Вежарий» партин лидер Мурси Мохьаммаддий, хьалхалерчу Ιедалехь премьер Ιийна Шафик Ахьмаддий. Мурсис дош делла, ша президент валахь, пачхьалкхахь политикан а, экономикан а хийцамаш бан а, Хоснех йисина политикан тΙаьхье исторе дΙахьажон а. Шафикан программехь ду махка паргΙато, стабилалла кхачон. Оцу юкъанна кΙирандийнахь парламент дΙасахецна махкахь ханна олалла дечу Шемин тΙеман куьйгалло.
Мисархоша ладоьгΙу, мила ву президент