ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мисарахь шайн кандидат президент хаьржина аьлла, дIахьедар дина "Бусулба Вежарша"


Мисар-пачхьалкхехь "Буслуба Вежаршца" йоьзна йолчу "Маршо а Нийсо" а цIе йолчу партино дIахьедар дина, шайн кандидато Мурси Мухьаммада президентан харжамашкахь толам бьаьккхина аьлла. И хаам баржийна цо интернетехула Твиттерехь.

"Буслуба Вежарий" партин интернет агIон тIехь аьлла ду, Мурси "дерриг а халкъо хаьржина Мисаран президент ву" аьлла. ТIаххьара болчу хаамашца 95 процент харжамийн каппашкахь тесна кхаьжнаш дагардича Мурсис гулдина 52 процент кхаьжнаш. Цуьнца президентан дарж къовсуш волчу Мисаран премьер-министр хиллачу Шафи Ахьмадана шайн кхаьжнаш дIаделла 48 процент харжамхоша.

Шафин агIоно цкъачунна харжамийн жамIех лаьцна цхьа а дIахьедар дина дац. Офицала доцу жамIаш дан мегаш ду оршотан дийнахь.
XS
SM
MD
LG