Къирандийнахь хиллачу парламентан харжамашкахь уггара дукха кхаьжнаш гулдинчу «Керла демократи» олучу консерваторийн партино дагадовларш дIадолийна Грецин керла министрийн кабинет кхоллар Iалашонца.
Цу махкахь хиллачу харжамийн жамIаша дикачу агIора тIеIаткъам бина дуьненерчу фондийн рынкашна. Жимма хьала яьлла еврон курс а.
ТIахьара болчу хаамашца, Грецерчу парламентан харжамашкахь «Керла Демократи» партино гулдина 30 процент кхаьжнаш. СИРИЗА-партино гудина 27 процент кхаьжнаш. КхоалгIачу меттехь бу социалистийн ПАСОК олуш болу болам.
Социалисташ реза хилла консерваторшца цхьаьна коалицин Iедална юкъабаха.