ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Карабахера конфликт дIаерзоре кхуьйкху Эрмалойчоь а, Азербайджан а Iамерко а, Францино а, Оьрсийчоьно а



Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Францино а, Оьрсийчоьно а кхайкхам бина Эрмалойчоьне а, Азербайджане а Ломара Карабахца йоьза конфликт дIаерзо оьшуш йолу гIулчаш яхахьара аьлла. Цуьнах лаьцна аьлла ду цу кхаа пачхьалкхан лидерша Мексикехь дIайоьдуш йолчу G20 олучу саммитехь тIеэцначу дIахьедарехь.

Цу документана тIехь халахетарца билгалдоккхуш ду, цу шина пачхьалкхо, тергам а ца беш, дитина хилар, стохка Францерчу Давиль-гIалахь цу кеппара саммит йолуш, Ломарчу Карабахца йоьзначу конфликтах лаьцна тIеэцна хилла долу дIахьедар.

Ломарчу Карабахера конфликт машарца дIаерзоран процесс дIахьучу ОБСЕ-н Минскерчу тобан цхьаьна йолу гIанда ю Iамерка а, Франци а, Оьрсийчоь а.
XS
SM
MD
LG